Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кІел Делаца цхьаьнакхета дІадигира. Уьш ламанан кІажехь дІахІиттира. Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. УьстагІан маІан аз тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. Синай-ламанан бохь тІе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тІе кхайкхира. Муса хьалавелира. Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гІерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хІаллакьхир бу. Веза Эла волчу Суна улло богІу динан дай а тІехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта». Юххе а даьхкина, шу ломан кІажехь севцира. Ткъа и лам стигала дІакхаччалц цІе яьлла богура. Цигахь Іаьржа бода а, юькъа мархаш а яра. ТІаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цІерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара.
Выбор основного перевода