Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. Ткъа хІинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цІеро санна, дерриг а дІакхоллург волу. Цо уьш хІаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дІа а лохкур бу, хІаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара. Цийон-лома тІехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Іеса нах бегош бу: «Вайх мила Іалур ву дерриг а дІакхоллучу цІерана уллохь? Вайх мила Іалур ву йовр йоцучу цІерана уллохь?» Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагІий дІакхоллу йолу цІе а тІеяре кхерамца хьежар.
Выбор основного перевода