Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чІогІа тидам тІебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама. Нагахь маликашкахула аьлла дош чІогІа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогІарна а таІзар деш а хилча, таІзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кІелхьардовларх ца дашахь? И кІелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дІакхайкхийра, цул тІаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чІагІдира. Цара Далла деш долу гІуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ІиндагІ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тІехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а».
Выбор основного перевода