1
Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дІахІотто: къинах дІакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тІе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тІе сихлойла вай.