Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Исхьакха декъал а вина, Якъуб дІавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цІа веара Іесав. Шен дена дукхаезаш йолу яа хІума а кечйина, схьавеанчу Іесава элира: «Дада, хІара со ву, хьан кІант. Хьала а гІаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тІаьхьа со декъалвийр ву ахь». Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?» «Со хьан дуьххьарлера кІант, Іесав ву», – аьлла, жоп делира Іесава. Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хІума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хІума а йиъна, декъалвира иза, хІинца иза декъалвина ву». Ден дешнаш хезна, оьгІаз а вахана, гІаддайначу Іесаван мохь белира: «ТІаккха со а вехьа декъал, дада!» «Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догІу декъалвар дІа а эцна!» – элира Исхьакха. «Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! – элира Іесава. – Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дІаийци, ткъа хІинца декъалвар а дІадаьккхи». Юха дега хаьттира Іесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?» «Дукха тІаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тІехь олалла дІаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагІар а. Сан кІант, хьуна дала хІумма а дац сан!» Амма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Іесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!» ТІаккха элира цуьнга Исхьакха: «Токхе лаьтта тІехь вехар вац хьо, тоъал догІанаш а хир дац хьуна, хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан. Хьайн вешин ялхо хир ву хьо, амма цунна дуьхьал а гІаьттина, цуьнан олаллин кІелхьара вер ву хьо».
Выбор основного перевода