Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хІинца иза Аса кхочушдина, чІагІйина гІаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш. Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Шайн цІушка тоьшаллаш даладайта, цаьрга хиндерг дийцийта тхуна. Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга, цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а, иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а. Я хиндолу хІуманаш схьакхайкхадайта тхуна. Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна, вайна иза хаийтархьама? И хІума хилале хьан дийцина цунах лаьцна, вайга: „Иза бакъ ву“ – алийтархьама? Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла, цхьанна а ца хезна шуьгара дош. Хьалхарниг санна Ас аьлла Цийоне: „ХІорш бу хьуна уьш!“ Ярушалайме хаза кхаъ эцна геланча вахийтина Ас. Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХІинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна». Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тІехь Іайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Іан меттиг а къастийна,
Выбор основного перевода