Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо хІилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама. Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хІилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту. Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цІуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тІедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тІегІур бу уьш. Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а? Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла? Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа.
Выбор основного перевода