Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ЮшаІа элира исраилхошка: «ТІе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогІа. Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаІанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гІиргІашахой а, эмархой а, явсайхой а. Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду. Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хІора тайпанах цхьацца. Дуьненан Да волчу Везачу Элан тІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТІедогІуш долу хи, пен а хилла, дІахІуттур ду». Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дІадоладелча, динан дайша бартбаран тІорказ, нахана хьалха а даьккхина, дІадаьхьира. Халкъ царна тІаьххье дІадахара. ТІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кІа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дахьаш богІу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тІехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тІехула Йорданах дехьабовллалц. Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду, царна тІера буц а якъор ю. Хиш дІа а лакъийна, гІайренаш йийр ю Ас, Іаьмнаш а дакъийна дІахІиттор ду, хиш дІа а даьхна. Иштта боху хІорда юккъехула некъ биллина волчу, нуьцкъалчу хишна юккъехула тача даьккхина волчу Везачу Эло. Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта?
Выбор основного перевода