Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тІе деши а дуьллу, дато зІенашца иза кеч а во. ХІораммо а шен накъостана гІо до, шен веше а олу: „ЧІагІлолахь!“ Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, Цунна тІе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дІатуху, охьа ца дожийта. И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».
Выбор основного перевода