Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета». Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара». Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Іилма долчараххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!
Выбор основного перевода