Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогІа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогІешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тІе тур хьажор ду, шун сагІа доккху гунаш дохорхьама. Хаалаш, телхина дІадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргІато, шун дайх дисинчу гІийлачу дахарх шу мукъадохуш, амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю.
Выбор основного перевода