Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эдомхошна тІехь толам а баьккхина, Амци-ЯхІус СеІир-лаьмнийн бахархойн цІу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дІахІиттийра. Цо царна Іибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цІу. Цунна Іибадат а деш, стага боху: «КІелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву». Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цІергахь дага а дина, цу тІехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цІу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гІур варий те?»
Выбор основного перевода