Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, – боху Везачу Эло. – Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тІаьхьа а хир вац. Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кІелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дІадигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІат а йохур ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац, «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кІелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дІабигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІатйохур а ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац. Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду».
Выбор основного перевода