Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш схьакъастийна старгІа кеч а йина, уьш, Іуьйранна дуьйна делкъахан тІекхаччалц, БаІал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаІал, дІахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагІа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш. ТІаккха цара чІогІа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догІмашна тІе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тІехула цІийш охьадоладаллалц. Амма цІунех тешна Іаш берш, цІушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш, юхабоьрзур бу, доккха эхь тІе а деана». Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цІе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цІу а вой, цунна Іибадат до. Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тІедуьйла, халкъашна юкъара дийна дисинарш. Сонта бу, дечигах вина шайн цІу а лелош, шаьш кІелхьардахалур доцучу деланашка доІанаш деш берш.
Выбор основного перевода