Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„НеІалт хуьлда къайлахчу метте дІахІоттийначу тІулгах я дечигах я лалийна цІу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хІума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“ Иштта, сан халкъ йийсаре гІур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу. Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хІуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац. Везачу Эло боху: «Вовшах а кхетий, тІедуьйла, халкъашна юкъара дийна дисинарш. Сонта бу, дечигах вина шайн цІу а лелош, шаьш кІелхьардахалур доцучу деланашка доІанаш деш берш.
Выбор основного перевода