Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Дагадаийта иза, латтаде иза шайн коьртехь, шайн дага тІе эца иза, аьрха нах. Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер, ша динчу берах къахета йицлур юй те иза? Нагахь нанна шен бер дицлахь а, Суна цкъа а йицлур яц хьо.
Выбор основного перевода