Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». ПІелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хІун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гІала чІагІйина дІахІоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гІело хьегначарна дІалечкъийла карор ю“». Исраилан халкъ мах баларца ПаргІатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагІовттур бу ларамца. Паччахьийн кІентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьІар бу, хІунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо». Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, йийсаре дІабигна болчаьрга: „Арадовла!“ – ала а, боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“ – ала а. УьстагІий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу, дерзинчу гунаш тІехь церан дежийлаш хир ю. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду, Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду. Хьовсал, уьш генара схьабогІур бу – цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цІе йолчу махкара». Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Амма Цийоно элира: «Везачу Эло йити со, Хьалдолчу Элана со йицъелла!» Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер, ша динчу берах къахета йицлур юй те иза? Нагахь нанна шен бер дицлахь а, Суна цкъа а йицлур яц хьо. Хьажал, Ас хьан цІе Сайн куьйгийн кераюккъехь дІаязйина. Хьан пенаш гуттара а Сан бІаьргашна хьалха ду. Хьан кІентий хьуна тІе юхаберза сихлуш бу, хьо йохийнарш дІагІур бу хьо йолчуьра. Хьайн корта хьала а айий, гонах дІасахьажа. Берриг а хьан кІентий, гул а белла, хьо йолчу цІа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чІагІо йо Ас, – боху Везачу Эло, – зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна. Хьан мохк бохийна а, бассийна а бара, цунах къапалгаш йина яра, ткъа хІинца иза чІогІа жима хир бу цу тІехь даха хиинчу дебначу хьан халкъана. Хьан мохк дІакхаьллинарш хьо йолчуьра дІагІур бу. Хьох бераш дІадаьхначу хенахь халкъана юкъахь динчу бераша хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь: „ХІара меттиг чІогІа жима ю, жимма дІакхалха, со а Іайтархьама“. Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тІе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Іалашоне кхочу. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „ЦІенош а, кхаш а, кемсийн бошмаш а юха а хІокху махкахь оьцуш хир ю“». Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода