Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со. Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со. И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах.
Выбор основного перевода