Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тІаккха цара куьйгаш тІехь шайн кІентий а, белшаш тІехь мехкарий а схьабахьар бу. Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Хьуна гІело йиначеран кІентий, муьтІахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гІала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а. Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду. Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а. Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. Ткъа кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дІахІуттур бу. Якъубан цІийно шена бакъонца догІуш долу латта тІаьхьалонна доладоккхур ду. Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тІехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.
Выбор основного перевода