Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тІехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дІабевр бу. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Яьссачу аренан акхарой акхачу жІаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Іоьхуш. Буьйсанан гІаларташ хир ду цигахь садоІуш а, шайна синтем лоьхуш а. БухІано, бен а бина, тевна хиъна, хІоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кІорнеш шен тІемийн ІиндагІехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тІаьххье. Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бІогІамашна тІехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеІсагІанашна тІехь къапалгаш Іохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дІадаьхна хир ду.
Выбор основного перевода