Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чІагІонаш йина хилча а, Ас тІаккха а цунна тІе нах хьажор бара и гІала йохаяйта», – боху Везачу Эло. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Іаламаташ хиллехьара, иза хІара де тІекхаччалц лаьтташ хир яра. ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а.
Выбор основного перевода