Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. „Хьан кхузахь хІун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаІаран цІа аьгна! ЛадогІа, хьайх майраниг аьлла цІе йоккхург, Везачу Эло хьо дІакхуссур ма ву! Хьо чІогІа схьалоцур ву Цо. Хьарчийна, хьох ларча а йина, Цо доккхачу лаьтта тІе кхуссур ву хьо. Цигахь хьо лийр ву, хьан исбаьхьа гІудалкхаш а хир ю. Хьан олахочун цІенна хьо эхье хІума ма ю! Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. Хьо, вир дІа-ма-йоллара, дІавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду». ГІалин юккъе кхаьчча, ИсмаьІала а, цуьнца болчара а уьш, байа а байина, гІунна чу кхиссира. Цо Гадал-ЯхІу бахьана долуш байина нах чукхиссина йолу гІу Аса цІе йолчу паччахьо яьккхина хилла, исраилхойн паччахь волчу БаІшах ша ларвайтархьама. Натан-ЯхІун кІанта ИсмаьІала и гІу ша байинчу нехан декъех хьалаюьзна.
Выбор основного перевода