Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхорахьан тІаьхьенан назма. Везачу Элан цІийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу. Якъубан тІаьхьенан массо а Іаш йолчу меттигал а Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза. Ткъа Цийонах лаьцна бохур ду: «ХІара а, важа а цигахь вина, Веза Воккхачу Дала Ша иза чІагІйийр ю». Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттор ю, ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхІуттур ву. Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тІе тІулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тІулг бу, ткъа иза соне буьхана дІахІоттийна бу. Цунах тешна Іаш верг ведда дІаваха везаш вац. ТІаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхІакъа шена тІелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна тІе, Амма шуна юкъахь Ас къарделла а, эсала долу а халкъ дуьтур ду, Везачу Эле сатуьйсуш долу. Оццу дийнахь и барт бохийра. ТІаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла.
Выбор основного перевода