Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гІала, Седам а, Іамор а санна, Дала хІаллакйийр ю. Ма йохийна, кагйина дІаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна! Дукха хишна уллохь Іаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гІала, хьан чаккхе тІекхаьчна, хьан дахар дІахеда хан тІееана. Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хІетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?» Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна.
Выбор основного перевода