Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ха деш йолу бІов йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна йоккхачу чІагІйинчу гІалина тІекхаччалц, пІелаштамхошна тІехь толамаш бехира цо, Іази-гІалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тІекхаччалц. Іузи-ЯхІус, ара а ваьлла, пІелаштамхошца тІом бира. Гати-гІалин а, Ябни-гІалин а, Ашдод-гІалин а, пенаш доха а дина, Ашдод-махкахь а, пІелаштамхой бехачохь а гІаланаш дІахІиттийра цо. ПирІун Іази-гІалина тІелатале хьалха Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера пІелаштамхойх лаьцна болу хІара хаам кхаьчна. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тІехйолу Іовраш хир ю. Уьш тІеевр ю пІелаштамхойн махкана а, цу тІехь мел долчу хІуманна а тІе, гІаланашна а, царна чохь Іаш долчу адамашна а тІе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Іаш берш боьлхур бу. Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гІудалкхаша еш йолу гІовгІа а хезар ю. Цу гІовгІана юкъахь дай шайн берашка дІахьажа а, царна гІо дан а кхуьур бац, хІунда аьлча гІора дІадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду. Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг. Шайн сингаттам а гойтуш, Іази-гІаларчу наха шайн кортош дІадошур ду, Ашкхилун-гІалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПІелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догІмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама? „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таІзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“. Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гІалина а, хІордан йистана а, тІелата омра дина Везачу Эло». Тийжар хІоттаде цу къоман дуьхьа, цунна гонах мел Іаш долчу къаьмнаша а, цуьнан цІе евзаш мел долчу халкъаша а. Ала: „Маржа-яІ! Нуьцкъала къам дІадаьлла, цуьнан сийлалла хІинца дайна лаьтта“.
Выбор основного перевода