Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хІонсах шун цІенош дуьзна ма ду! Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» – боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Шайн дежийлашкахь санна, Іахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дІатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хІума кхоллур ю. Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагІ а бен кхабалур бац, Къизачу Іазапехь а, меца а болуш, лаьтта тІехула лелар бу и нах. Мацалла хІоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а;
Выбор основного перевода