Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи».
Сайн халкъана оьгІазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дІаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тІедуьллура ахь.