Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
«Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кІошт Везачу Элана совгІатна дІакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду. Оцу лаьттах пхи бІе дол дохаллехь а, иштта пхи бІе дол шораллехь а долу еакІов латта шена тІехь Делан цІа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тІехь хІумма а йоцуш йолу аре а хила еза. Ткъа лаьттан езачу кІошта тІера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТІехь Делан цІа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза. И даздина латта хир ду, Делан цІа чохь гІуллакх деш болчу а, Далла гІуллакх дан Цунна тІе богІуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тІехь цара шайна цІенош дийр ду, иштта Делан цІенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь. Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цІийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Іаш йолу гІаланаш хир ю. ГІалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кІоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.
Выбор основного перевода