Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ШолгІа кхаж ШимІин тайпанна белира. ЯхІудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош. Царна кхаьчнарг хІара дара: Беар-ШабаІ (я ШебаІ), Мулада, Хьацар-ШуІал, Бала, Іацам, Элтолад, Бетул, Хьорма, ЦакхелагІ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса, Байт-Лебаот, Шарухьен – кхойтта гІала шайн ярташца. Іейн, Римун, Іетар, Іашун – йиъ гІала царна гонах йолчу ярташца. Цул сов, цу гІаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаІалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тІекхаччалц. Иштта дара ШимІин тайпанан дакъа. ЯхІудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимІин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимІин тайпанах болчеран латта.
Выбор основного перевода