Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ВорхІалгІа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира. Церан декъа чуйогІуш яра: ЦорІа, Эштаул, Іир-Шемеш, ШаІалбан, Айлон, Йитла, Эйлон, Тамна, Іекхран, Элтакха, Габитун, БаІалт, ЙихІуд, Бини-Биракх, Гати-Римун, Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гІалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира. ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна. ХІара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хІордана тІера дІадолало, тІаккха Хьетлонехула, Хьаматан Іин тІе дІакхочу. Цигара дІа Хьамат-гІала а, Берата-гІала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тІекхочу. Цигара дІа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тІе кхочу. Иштта, лаьттан къилбаседера доза хІордана тІера дуьйна Дамасакхан кІоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Іейнана тІехь хир ду, цигара дІа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гІала лаьттачу меттигца а хир ду. Малхбалехьа долу доза Хьавранний, Дамасакхний юккъехула долу, иштта ГалІадний, Исраил-махканий юккъехула долу, Йордан-хи йистехула дІадоьду малхбалехьа болчу хІордана тІе кхаччалц. Иза малхбалехьара доза хир ду. Къилбехьа долу доза Тамарина тІера Мериба-Кхадеш цІе йолчу шовданна тІе кхаччалц дІагІур ду, цул тІаьхьа Мисар-мехкан дозанехь долчу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хІордана тІе кхаччалц дІагІур ду. Иза къилбехьара долу доза хир ду. Малхбузехьарчу агІор дозанна метта Дуьненаюккъера хІорд хир бу, Хьаматан Іинна дуьхьал йолчу меттигна тІе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду.
Выбор основного перевода