Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Иштта Гадин тайпанах долчу хІора гаранна а латта делира Мусас. Церан долахь яра ЯІзир-гІала а, ГалІад-махкара массо а гІала а, Рабба-гІалина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІекхаччалц долу Іамминхойн ах латта а, Хьешбонна тІера Рамат-МицІпина а, Бетанаймна а тІекхаччалц а, Махьанаймна тІера Дибаран дозанна тІекхаччалц а долу латтанаш. Йордан-тогІи чохь йолу гІаланаш: Байт-ХІарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогІин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Іомана тІекхаччалц долу). Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тІера церан дакъош дара уьш.
Выбор основного перевода