Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
КхоалгІа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гІалина тІекхаччалц дІадоьдура. Юха, малхбузехьа МарІалана тІе а доьдий, цигара дІадахча, Дабешетах дІа а кхетий, тІаккха ЯкхнаІамна уллорачу хина тІе кхочура иза. Саридана тІера малхбалехьа Кислут-Табурна тІедоьрзура доза, цул тІаьхьа Дубратана тІе а доьдий, юха ЯпияІ йолчу хьаладолура иза. Цул тІаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Іет-Кхацинна а тІе а кхочий, кхидІа Римуна тІе а доьдий, НеІа йолчу агІор дІадоьрзура. Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дІадоьрзура, кхидІа а доьдий, Яптахь-Эл-тогІи чохь чекхдолура. Церан лаьтта тІехь шийтта гІала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хІорш ю: КхатІат, НахІлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.
Выбор основного перевода