Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гІо дийр ду. Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цІе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цІе. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Оцу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Іийр бу. ГІалин цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“». Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а. Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Царна юкъахь хир ю Сан хІусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. Сан Деза цІа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“». Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цІа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира. Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца а, шайн сагІа доккхучу гунашна тІехь шайн паччахьийн декъий дІадохкарца а. Ас царна бекхам бийр бу, хІинца а таІзар даза дисина цІий бахьанехь. Амма ЯхІуд-махкахь даим адамаш дехар ду, Ярушалаймехь а ехар ю тІаьхьенийн а тІаьхьенаш. Ткъа Веза Эла Цийон-лам тІехь вехаш хир ву». «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоІ! ХІунда аьлча Со, дІа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. – Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву. Шайна неІалт кхайкхийнчарах кхин хІумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Іахаран а Іарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Іамал еш.
Выбор основного перевода