Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. Элана дІало лаьттан езачу кІоштана а, иштта гІалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агІор долу латта. И латта гІалин малхбузерчу дозанна тІера малхбузехьа а, гІалин малхбалерчу дозанна тІера малхбалехьа а дІасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тІера малхбалерчу дозанна тІекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду. «ЯхІудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Іалашонна дІакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цІа хир ду. Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агІор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агІор – шоралла итт эзар дол, малхбалехь – шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза. Иштта, левихойн латта а, гІалина дІаделла латта а – элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхІудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло.
Выбор основного перевода