Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ГІалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цІераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхІудан а, Левин а цІераш йолуш хир ду. Малхбалехьа йолу агІо а йиъ эзар пхи бІе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цІарах. Къилбехьа йолу агІо а хир ю йиъ эзар пхи бІе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимІин а, Иссарханан а, Забулан а цІарах. Малхбузехьа йолу агІо а хир ю йиъ эзар пхи бІе дол йохаллехь. Цу агІонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цІарах хир ду.
Выбор основного перевода