Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ЙолхалгІа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира. Церан доза, Хьелеп-гІала а, ЦаІнаним-гІалина уллора нежнаш а долчуьра дІадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тІе а доьдий, Лакхумна тІекхочура. Ткъа цигара дІадахча, Йордан-хи тІехь чекхдолура иза. Кхузара дІа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тІе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тІе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дІахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дІахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тІе кхочура. ЧІагІйина гІаланаш хІорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот, Адама, Рама, Хьацор, Кхедаш, ЭдреІи, Іейн-Хьацор, Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Іанат, Байт-Шамаш – ткъайоьсна гІала шайн ярташца. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.
Выбор основного перевода