Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Бен-Яманан тайпанан хІара гІаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагІла, Іемакх-Кхациц, Байт-Іариба, ЦІемарайм, Бетал, Іавайм, Пара, Іапру, Кепар-Іамуна, Іапни, ГибаІ – шийтта гІала шайн ярташца. ГавІон, Рама, Баировт, МицІпа, Капира, Моца, Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала, ЦелаІ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаІ, Кхиръят-ЯІарим – ейтта гІала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош. «ХІорш ю тайпанийн цІераш. Къилбаседехьа йолчу агІор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дІа Хьацар-Іейнана тІе кхаччалц (иза Дамасакхан кІоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гІала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тІера хІордана тІе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду. Данан дозанна тІера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду. Ашаран декъа тІера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза. Напталан декъа тІера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза. Маннашан долахь долчу декъа тІера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза. Эпрайман дозанна тІера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза. Раабанан дозанна тІера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхІудан тайпанна кхочур ду».
Выбор основного перевода