Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
ПхоьалгІа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира. Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап, Алам-Малик, ІамІад, Мишъал. Малхбузерчу агІор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тІекхочура. Юха, малхбалехьа Байт-ДагІон йолчу дІа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогІина а тІекхочура иза. Цул тІаьхьа къилбаседехьарчу агІор Байт-Іамакхна, НеІилна а тІех а долий, Хабулна тІекхочура иза. Цул тІаьхьа доза, Іабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тІе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦІаданна тІекхаччалц дІадоьдура. Рама-гІала йолчу юха а доьрзий, цигара дІа чІагІйина йолчу Цора-гІалина тІедоьдура доза, ткъа цигара дІа Хьоса-гІалина тІедоьрзура. ХІорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. Іума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гІала яра шайн ярташца. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.
Выбор основного перевода