Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Иштта Делан цІийнан керташна гонах болу пен цо еа а агІонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бІе дол бара, иштта пхи бІе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дІакъастайора. Оцу лаьттах пхи бІе дол дохаллехь а, иштта пхи бІе дол шораллехь а долу еакІов латта шена тІехь Делан цІа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тІехь хІумма а йоцуш йолу аре а хила еза. ГІалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кІоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.
Выбор основного перевода