Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иезекииль
Параллельные места
Кхечу хІуманца иза хийца мегар дац. СагІина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дІакъастийна а хир ду. Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дІа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дІакъастийна дац. Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгІа дакъа Везачу Элан долахь ду. Іуьнан коьжалгана кІел лелачу даьхних хІора уьтталгІаниг Везачу Элана дІакъастийна хила деза. Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дІакъастийна хир ду, тІаккха иза юхаэца йиш яц“». ХІорш ду Везачу Эло Синай-лам тІехь Мусагахула исраилхошна тІедехкина весеташ. Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгІаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хІусамаш декъалйина хилийтархьама.
Выбор основного перевода