Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. Хьуна гІело йиначеран кІентий, муьтІахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гІала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а. Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тІе оьхург хІун гу бу?› – бохуш. (Цундела хІинца а сагІа доккху ‹гу› олу цунах.)’“. ТІаккха уьш кхечу мехкашка дІабахара, амма цигахь а цара Сан еза цІе сийсазъяьккхира, хІунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза – Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тІера арадала дезаш хили иза“. ТІаккха Ас сагатдайтира Сайн еза цІе бахьана долуш, Исраилан халкъо сийсазъяьккхина йолчу. Цундела дІаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цІе бахьана долуш дийр ду. Хьо Сан Исраилан халкъана тІелата вогІур ву, хьо лаьтта тІехула дІаяьржина йолу Іаьржа марха санна хир ву. И хан тІекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тІом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’. ТІаккха Ас дІагойтур ду, Со сийлахь а, веза а хилар, иштта дуккха а къаьмнашна довзуьйтур ду Аса Со мила ву. ТІаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла’“».
Выбор основного перевода