Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча тІекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахІоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тІе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“». Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. «Ас юхаметтахІоттор ю Седам-гІала а, цунна гонах йолу жима гІаланаш а, иштта юхаметтахІоттор ю Шамран-гІала а, цунна гонах йолу жима гІаланаш а. Ас юхаметтахІоттор ю хьо а, Ярушалайм, Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш. ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!»
Выбор основного перевода