Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан оьгІазе аз дІахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Іадийна, белла. Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а».
Выбор основного перевода