Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Цора-гІалара а, ЦІадан-гІалара а болчу паччахьашка; хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка; «Адаман кІант, Машах а, Тубал а цІераш йолчу меттигийн МагІогІ-махкарчу коьрта эла волчу ГІогІехьа дІа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнга: Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе. Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро. И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дІахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГІогІ а, МагІогІ а, Іехадеш арадер ду и. Цо тІаме схьагулдийр ду, хІордан берда тІера гІум санна, дукха долу адамаш. Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира.
Выбор основного перевода