Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дІасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТІаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Іийр бу. Уьш цу тІехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цІенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югІур ю. Уьш кхерам боцуш Іийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тІехь Ас кхел йича. ТІаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла». Ас язйийр ю Сайн сийлахь цІе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу – аша и цІе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, – боху Хьалдолчу Эло, – шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича. Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду. Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду, шайн лаьтта шу юха а далор ду.
Выбор основного перевода