Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш. Иштта шен эскарийн тобанашца волу Гомар а, кхин а генарчу къилбаседехьара схьавеана волу а, шен эскарийн тобанашца волу а Байт-ТогІарма а хир ву цаьрца. Дуккха а къаьмнаш хир ду хьоьца. Къилбаседехьа болчу генарчу хьайн махкара схьавогІур ву хьо, хьайца дуккха а къаьмнийн эскархой а балош, уьш берриш а дошлой хир бу.
Выбор основного перевода