Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо бежанийн кІалд, жийн шуьреш, дерстина Іахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кІа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагІар муьйлура цара. Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду. Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тІаьхьенан уьстагІий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалІадехь а! Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а».
Выбор основного перевода