Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. Хьо мел дІакхоллурш шаьш дІакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагІий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хІонс мел йоккхурш шаьш хІонс хилла дІахІуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дІалур бу. Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хІунда аьлча ахь адамийн цІий Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.
Выбор основного перевода