Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Цаьрца цхьаьна бугІанаш а, старгІанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цІий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю. Сан къам акхачу олхазарх тарделла, гонах ломъаьрзунаша дІасаийзош долчу. ДІа а гІой, аренан акхарой схьагулъе! Схьаялае уьш, иза дІакхаллархьама. Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо – хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дІалур ву. Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дІасовца! ХІунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагІина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш. «СагІа доккхучу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас таІзар дийр ду элашна а, паччахьан кІенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тІе духучарна а. ТІаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тІемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТІема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне. Аша дІадаа паччахьийн а, тІеман коьртачу хьаькамийн а, тІемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргІат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цІеяхначийн а дилха а».
Выбор основного перевода