Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. ДІа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тІехь а лакхавоккхур ву Со. Хьо Сан Исраилан халкъана тІелата вогІур ву, хьо лаьтта тІехула дІаяьржина йолу Іаьржа марха санна хир ву. И хан тІекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тІом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’. ТІаккха Ас дІагойтур ду, Со сийлахь а, веза а хилар, иштта дуккха а къаьмнашна довзуьйтур ду Аса Со мила ву. ТІаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла’“».
Выбор основного перевода